Recently Added ( Chechen )

( Chechen )
2012-05-27
Хьан аьтто хир бу Ал-ФикъхIул вадихь хьалхара жайна дехьадаккха Хьадж дуьйцу дакъа хьуна карор ду хIокху жайни пхи бIе кхузткъе цхьайттолгIачу (571) агIон тIехь

( Chechen )
2012-02-26
Имам Нававийн 42 хьадисан а, уьш 50 дузуьйтуш Имам Ибн Раджаба тIетоьхна долчу 8 хьадисан а маьIна деш Шейх Iабдул-Мухьсина яздина жайна ду хIара, нохчийн матте Олхазара маьIна деш.

( Chechen )
2009-12-11
Имам Ибн Аби-Зайда шен «ар-РисалахI» цIе йолчу жайнина яздина дешхьалхе (Бусалба кхетам)

( Chechen )
2009-06-20

( Chechen )
2009-06-13
Бакъонца хьожуш волчо дац олийла йоцуш цхьа хIума ду вайна юкъахь: дуккха а бусалба нехан дегнашкахь Ийман гIийла хилар. Дуккха арз деш нисло бусалба стага, шен дог шогу ду бохуш, Iесалла атта йо ша бохуш. Кхузахь дуьйцург – оцу балхана дарба дар ду.

( Chechen )
2009-04-26
Имам Нававийс (Дала къинхетам бойла цунах) яздина долу «Дикчу нехан бошмаш» (Риядуссолихьин) цIе йолу жайна чIогIа дезчу жайнех ду. ХIунда аьлча цо гулдина долу дела шена чохь, бусалба стагана а, зудчунна а хIора дийнахь шен дахарехь а, Iибадат дарехь а оьшуш долу хIуманаш. Ткъа хIокху жайни юкъара хьадисаш дерриге – цхьа кIеззиг дерш доцург – нийса хьадисаш ду, хIара жайна кхин башха доккха а дац, атта а ду, бусалба дин довзарехь доьххьара дIаволалуш волчунна а, Iилмангахь генаваьллачунна а цхьатерра пайдехь а ду. Цундела хьакъ ду хIара Iамо а, деша а.

( Chechen )
2008-09-10
Дала Шен къинхетамца Шен лайшна дикаллин хенаш елла, шайна чохь динчу дикчу хIуманан мел совболуш хуьлуш, къинош дIадойъуш, даржаш лакхадохуш. Оцу хенех уггар яккхийчерах ю Рамадан бутт, ша кхабар Дала парз дина болу. Ткъа и бутт кхабар иштта доккха маьIна долуш хилча, цуьнца доьзна долу коьрта хаттарш ду кхузахь довзуьйтур дерш: цуьнан ахькамаш а, гIиллакхаш а, суннаташ а.

( Chechen )
2007-10-05
Дала адамана делла долу ниIматаш дагар далур доцуш дукха ду. Церах ду Дала адамана мотт балар – вист а хуьлуьйтуш, яахIума а юуьйтуш йолу жима меже. И меже ялсамане вахаран бахьана хила а йиш ю, жоьжахате вуьгур волу бахьана хила а йиш ю. Далла муьтIахь хиларан агIонаш лелайахь – ялсамане вуьгур ву цо, Далла Iеса хиларан агIонаш лелайахь (гIийбат дар а, эладита дийцар а, харц тешалла дар а, кхидолу вон хIуманаш а) – жоьжахате вуьгур ву цо. ХIокху хьехамашкахь дуьйцурш меттан цхьадолу сакхташ ду.




